СаIди КIотар

20 сентября 2006 в 21:10

Йохийна, шарйина дай баьхна юрт,

Хьо-м кошах таръели - доьг1чхьана чурт.

Б1ашераш хьалха а - Нохчийчохь т1ом,

Б1ешераш т1аьхьа а - Нохчийчохь т1ом.

Бераллин майданех хуьйдина ц1ий,

Минаша сакхйина хьаннаш д1атий.

Де-дийно кешнийн керт юкъелла йог1у,

Хетало цо: «Аш а кечам бе» - боху.

Ас, доьза ца дайта, ийзаеш кхес,

Къапалгаш юккъера  г1иттадо иэс:

Г1овг1ане урамаш, бералин хан,

Схьагушдерг хетало цхьа ирча г1ан.

Дагара дер ма дац хьо яьгна сурт,

Къар ца луш г1атталахь, дай баьхна юрт,

Бух боцуш муха хир т1аьхьенаш вай?

Бийца лам боцушверг-м лериний лай!

                         

Батаева Хеда.   2001 шо.