Пят., 18.03.1433 Hjr / 10.02.2012, 09:27 по Имарату РусскийEnglishtürkçeУкраїнськийعربي

главное

зеркала

версии
Google
Kavkaz-Center
WWW
Наша кнопка

Экспорт новостей
 
КавказМнение Также в этом разделе

«Амирана муьтIахь хилар тIехь ду шуна цуьнгара билггал долу керсталла гучудолуш хIума ца хилахь»

Время публикации: 25 декабря 2007 г., 23:02

«Амирана муьтIахь хилар тIехь ду шуна цуьнгара билггал долу керсталла гучудолуш хIума ца хилахь»

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

 

Алхьамду лиллахIи роббил-Iаламина

 

Вассалату вассаламу Iала Мухьаммадин ва Iала алихIи ва сахьбихIи ажмаIина.

 

Вежарий, суна цхьа хIума билгалдаккха лаьа, сан цIе цу юкъахь цхьаболчу политикаша хьаха ца йинехь со IадIаш вара, амма сан цIе а яьккхича, цу тIе доьгIна цхьацца дIакхайкхораш а дича дош ала дезаш хили сан.

 

Ас дIахоуьйту, Закаев Ахьмада сан цIе а йохаш, соьх дага а ваьлла дина ша дIакхойкхор, бохуш дерг бакъ ца хилар. Ахьмада цхьа хабар а дийцина со гена новкъа ваха вийзира, амма Ахьмада ма дуьйццу цахиллера и хIума. Делахь а, хIара Имарат дIакхайкхорах сайна хетарг ас яздира Амире, иза ас цуьнга шегга яздина хIума ду, нахала даккха оьшаш а дац, цо иза мехала ца лерира, цунна цо ша жоп лур ду Далла хьалхахь ша галваьлла хилахь.

 

Вежарий, цхьа дийцар ду КъурIана чохь, вай Пайхамар (с.а.с.) заманахь хилла а ду иза, керста нах бусулба нахаца тIом бан кечлуш, шайтIа деана царна тIе адама суьртахь, царна цхьацца хьехарш а деш, цхьацца цера хIума шена гергахь нисдеш, ша шу накъост а ду шуна, аьлла, царна хьалха а даьлла доьдаш хилла иза. Амма тIеман арене, ши могIа вовшашна гуче кхаьчча — шайтIано букъ берзийна цигара, шуна ца гург го шена, ша Делах кхоьра, аьлла.

 

Цунах са туьйсу, Амиро тIелаьцна болу сацам цхьана диканна Дала нисвина вац техьа цу тIе, аьлла, шайтIа гена хила там болу меттигехь иза хилча, АллахIа ма бах Сийлахь долчу КъурIана чохь, «Шуна цадезарг дика хила тарло шуна, шуна дезарг дика ца хила тарло шуна…»

 

Пайхамарна (с.а.с.) и тайпа хIума нисделла дацахь а,  Дала цхьана диканна чIагI ца вина техь шен ойлана тIаьхь, аьлла хета, Везачу АллахIа  ма бах «Ша нисвинарг гал ваккха стаг вац, Ша галваьккхинарг нисван а стаг вац».

 

Пайхамара (с.а.с.) аьлла ма ду: «Амирана муьтIахь хилларг шена муьтIахь хилла ву, шена муьтIахь хилларг АллахIана муьтIахь хилла ву. Амирана муьтIахь ца хилларг шена муьтIахь ца хилла, шена муьтIахь ца хилларг АллахIана муьтIахь ца хилла».

 

ШолгIа а, Пайхамара (с.а.с.) аьлла ду: «Амирана муьтIахь хилар тIехь ду шуна цуьнгара билггал долу керсталла гучадолуш х1ума ца хилахь».

 

Везачу АллахIа нисдойла вай вайна дуьненахь а, эхартахь а пайдехьа долчу хIуманна тIехь.

 

Шамсуддин Батукаев

Статьи по теме:

Йемен. Под властью Аль-Кайды
О некоторых обвинениях в адрес амира Абу Усмана
Русские кафиры признают, что Имарат Кавказ стал главной угрозой имперской России
Запад потерпел в Афганистане геополитическое и моральное поражение
Между Западом, шиитами и Глобальным Джихадом: Дилемма арабского будущего
Йемен: Достижения «аль-Каиды» на Аравийском полуострове за 3 прошедших года
Нам не нужны алимы. Нам нужны далилы
Есть только две партии!
Четвёртый этап Джихада в Ираке
Новогодний штурм Грозного (Джохара)
«Аллах отправил нас, чтобы мы вывели людей из подчинения рабам к подчинению Одному Аллаху»
Абдурахман Гойтинский: «Правила ведения Джихада»
Язычество «нового года»
Обнажённая угроза для правительств крестоносцев
ДЕФАЛЬСИФИКАЦИЯ ИСТОРИИ: Россия - жалкий остаток глухой китайской провинции