«Цхьаъ бен бац дахаран некъ…»

12 декабря 2008 в 09:31

Массарна а ца хаьа «воьжначу илланчас» Муцураев Тимура оьрсийн маттахь лекхна дукхаха йолу нашидаш язйинарг поэт-муджахIид Яричев Аслан хилар.

Царех цхьаерш хIорш ю: «Байсангур» («БойсагIар»), «Вечны будут райские сады» («Ялсаманин бошмаш абаделлац хир ю»), «Город Грозный» («Соьлжа-ГIала»), «Гуниб», «День возмездия» («Бекхаман де»), «Жизни путь» («Дахаран некъ»), «Иерусалим» («ал-Къуддус»), «Коран» («КъурIан»), «Молитва моджахеда» («МуджахIидан доIа»), «Необъятные дали» («Барам боцу гена меттигаш»), «Нет дороги назад» («Юхавала некъ бац»), «Ноев ковчег» («Нухьан хинкема»), «Погасли свечи» («ЧIурамаш дIадайна»), «Пророк Муса» («Муса пайхамар»), «Рай под сенью сабель» («Таррашна кIел ялсамани), «Свобода и Джихад» («Маршо а, ЖихIад а»), «Священный Джихад» («Сийлахь-деза ЖихIад»), «Соломонова печать» («Сулаймин мухIар»)...

Аслан, АллахIан новкъахь ЖихIад а деш, инша АллахI, ШахIид хилла 2000-чу шарахь. Иза дIавоьллина Шуьйтан кIоштан Борзе юьртахь.

Лахахь ялийна байт-нашид нохчийн матте яьккхина Кавказехь вевзаш волчу поэта Алканов Билала.

* * * * * *

Дахаран некъ

Амалца лай хилла, декъазчу куралле гIерташ,

Куц-хьарам «сий» хьеста хьо хIоттахь хьайн деган уьйтахь,

Халонехь я къеллехь гIур ву хьо харцонца берта,

Цул тIаьхьа мостагIчун лаамна хир ву хьо муьтIахь.

Дагчохь дин якхделча, АллахIе кхойкхуш хьо вацахь,

Хьо Цунна Iамал еш, суждане ца эгахь денна,

Хьайн шерийн хьурмат дан хьоьгахь кхин доьналла дацахь,

Iесачу дуьненахь пайденна хир ву хьо стенна?

Цхьаъ бен бац дахаран некъ, иза-ъ чаккхенга гIерта.

ХIора а хьакъ ву-кха Лаьттахь дан шен ларийн хIосташ,

Шен дахар пайде дан, ца лестош и къинойн керта,

Дикачу Iамалшка шен лере кхоьхьуьйтуш косташ...

Кхечарна хьукма деш, дагардеш оцеран къинош,

Юьхь йоло виц ма ло цкъа хьалха хьайнчарна тIера.

Ахчанахь ахь дохкахь хьайн бевза-безачийн синош,

Барт хатта йогIур ю мискалла хьан хьалхалера...

Дахаран гIовгIанехь гIуллакхаш хьан осал хилахь,

Бакъ толон дезачохь хьо хилахь шеконе ваьлла,

Бендацар бахьанехь хьо висахь гIийлачийн къилахь,

Хаалахь: хьан дагчохь дикаллин цIе яьгна яьлла...

Цхьаъ бен бац дахаран некъ, иза-ъ чаккхенга гIерта.

ХIора а хьакъ ву-кха Лаьттахь дан шен ларийн хIосташ,

Шен дахар пайде дан, ца лестош и къинойн керта,

Дикачу Iамалшка шен лере кхоьхьуьйтуш косташ...

ДоттагIчун мах бевза къизачу бохаман марахь,

ДоттагIчун дахарна Iожалло дечохь шен къола...

Iуьйранна ца аьлларг диц ма де кхайкхадан сарахь,

Амма хьо дан хьажа хьайн багах долучун дола...

Къамелехь олуш верг - дуьйш ву, ткъа ладугIург - оруш,

Мохано - ойланча, ткъа тIамо - къонаха зийна.

Дикалла - шир ца лун духар ду дегнашна доруш,

АллахIан къинхетам хуьлуш бу собарца ийна....

Цхьаъ бен бац дахаран некъ, иза-ъ чаккхенга гIерта.

ХIора а хьакъ ву-кха Лаьттахь дан шен ларийн хIосташ,

Шен дахар пайде дан, ца лестош и къинойн керта,

Дикачу Iамалшка шен лере кхоьхьуьйтуш косташ...

(Оьрсийн маттера гочйинарг - Билал Алканов)

«Нохчийн Зама»