«Мел вуно хаза бу ШахIидан лийрбоцу кхоллам…»

12 декабря 2008 в 09:29

2002-чу шеран октаьбар беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь - ЖовхIар-ГIалахь гIазкхийн мехкашдIалецархошца хиллачу луьрачехь тIамехь, инша АллахI,

ШахIид хилла нохчийн къона муджахIид Амир Абу-Сайап (Мурад Юсупхаджиев).

Мурад вина 1981-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь (ЖовхIар-ГIалахь), хIетахь Веданан (хIинца Шелан) кIоштан ЭгIаштIе юьртара схьаваьллачу Юсупхаджиев Iисан доьзалехь.

Оьрсийн-нохчийн шолгIа тIом болабеллачу дийнахь дуьйнна, муджахIидийн могIаршка а хIоьттина, АллахIан новкъахь ЖихIад деш вара Мурад.

Массарна а ца хаьа, Юсупхаджиев Мурад шен 21 шара чохь, похIма долу Амир хилла ца Iаш, тIекхиаме яздан волалун поэт а хилар.

Мурад оьрсийн маттахь язъеш вара. Цуьнан цхьайолу байташ, иза декъала хиллачул тIаьхьа, 2003-чу шарахь араяьллачу «Керстанан къизалла» цIе йолчу гуламна юкъаяхана.

Лахахь ялийна ши байт нохчийн матте яьккхина Кавказехь вевзаш волчу поэта Алканов Билала.

* * * * * *

Со Делан Iарша кIел дIагIур ву сатесча арахь,

Къобалдеш азаллехь яздинчу йозанан хьаьрк.

Вайн хилла марзонаш нагахь шаьш цхьажимма ларахь,

Со лоьхуш, Iесачу дуьнене ма бетта бIаьрг...

МостагIчо гатбинчу гуонехь а лоьху ас толам,

Шекдоцу сайн са со иманца лийчадеш ву:

Мел вуно хаза бу ШахIидан лийрбоцу кхоллам,

Ткъа дийна воллушехь стаг валар мел ирча ду!

КъорIан

АллахIа доссийна стиглара Йоза,

И хаза КъорIан цIе тиллина цунна.

Вай гIерта цуьнцанна вайн хиндерг оза,

Хастам беш и вайна Доссийначунна!

Цу тIера сураташ доьшуш верг, теша, -

Карор ву ДжихIадан нийсачу новкъахь!

Цу новкъа воьдуш верг иманан шовкъахь -

АллахIа вуьгур ву Пирдовсан беша!

(Оьрсийн маттера гочйинарг - Билал Алканов)

«Нохчийн Зама»